Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Шарпуди Исмаилов и Ризавди Исмаиловы - Б1аьргийн нур | Текст песни

Pesni.guru - сайт для Гуру

Орцан дукъах дато маIаш
Туьйсуш, батто сагатдо…
ЦIестан кIудал нохчийн йоIа
Шовданна кIел сецайо.

Хета баттах схьадухдуьйлуш,
КIудал юзу шовдано,
Нур-зIаьнаршца безам муьйлу,
ЙоIах хьерчаш цу батто. (2 раза)

КIудал юьзна… Iанаоьху
БIаьрхих терра дато хиш.
Ткъа, йоI гичи, дог а лехий,
Нохчийн кIанта лоькху йиш:

– ЙоI, хин чами кховдабехьа,
Чохь беттан нур даржадай!
Ткъа, беттан нур ца лахь айхьа,
БIаьргийн нур луо суна хьайн! (2 раза)

Маржа! ХIинцца доцу кема!
Ткъесах гIатта космосе…
Маршал хоттуш, даржо тIемаш,
Хьол генарчу седане!

Лоцур дар-кха стелахаьштиг,
Стиглахь кхарсто сийна цIе…
Стиглан дари цIарца дагош,
Хьан цIе язъя цунна тIе! (2 раза)

ЙоI, хин чами кховдабехьа,
Чохь беттан нур даржадай!
Ткъа, беттан нур ца лахь айхьа,
БIаьргийн нур ло суна хьайн! (2 раза)
БIаьргийн нур ло суна хьайн


Другие названия этого текста
  • Шарпуди Исмаилов и Ризавди Исмаилов - Б1аьргийн нур (M95) (1)
  • Там Высоко В Горах - Б1аьргийн нур (M95) (0)
  • Шарпуди и Ризавди Исмаиловы - Б1аьргийн нур (M95) (0)
  • Шарпуди Исмаилов и Ризавди Исмаилов - Ц1еста к1удал (M95) (0)
  • Шарпуди Исмаилов и Ризавди Исмаилов - Нохча (0)
  • Шарпуди Исмаилов и Ризавди Исмаиловы - Б1аьргийн нур (0)
  • Шарпуди и Ризавди Исмаиловы - Б1аьргийн нур (0)
  • Шарпуди и Ризавди Исмаиловы - Ц1еста к1удал (0)
  • Ш.Исмаилов а, Р.Исмаилов а - ЦIеста кIудал (0)
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2
Видео
Нет видео
-