Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Хеда Тутаева - Сатийсар (HD) [exclusive M95] | Текст песни

I. Сатийсам хьо сан синан хьаша а хилла
Соьца даима беха, нийса накъост а хилла
Ца хиндолчух еш 1еха.
Ойланаш, кхийдаш ю гуш йоцчу цу гене
Кхочуш хила лиъначу, сан безаман г1ене
Шовкъечу цу безаме, сатуьйсучу безаме.

Припев:
Х1ун де ас дог хьоь кхайкхича?
Хьо воцуш ирсе ца хилча,
Дуьне а кхоьлина хилча.
Хьоьца бен яха ца лиъча,
Хьо воцург оьшуш ца хилча.

II. Ма хала хилла рицкъ а доцу безам лан
Кхечунна хьо воьлуш ган
Къайлах хьежа б1аьра хьан, дагчохь алу сецаян.
Хьоменаг, кхетахьа хиларх хала суна
Сан б1аьран хиш гой хьуна, ловза ницкъ бац безамах
Рицкъа дацахь дуьненахь, доьхур ду ас эхартахь.

Припев:
Х1ун де ас дог хьоь кхайкхича?
Хьо воцуш ирсе ца хилча,
Дуьне а кхоьлина хилча.
Хьоьца бен яха ца лиъча,
Хьо воцург оьшуш ца хилча.

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
Нет видео
-