Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Турпал Джабраилов - Ц1е берд | Текст песни

1ожалло 1ехавой оьце д1ахьой, ял йоцуш вирзинарг лар йоцуш вой
Уьйрашна вицвелча Дала а вицвой, базло бах лахьти чохь упхьана тхов

Даима со хьаьгначу ц1е берде г1ой, цуьнга б1аьрг тохалаш аьтто хилахь
Цигахь динера ас бераллин той, цигахь динера сай чурт дан дага

Г1еллой 1аш хетало безна и мохк, маьл хуьлу б1аьрг тоьхча генара д1а
Хьомсара ламанах хьерчаш дай дог, гуш санна волалой вехха со 1а

Дог мерза гуллалойц1е берде г1ой, дегний х1у ясталаш б1аьста, гурахь
Сан метта б1аьрг тохий са б1аьрга гой, сан берд аш хьасталаш ганза со лахь

Цигахь динера ас бераллин той, цигахь динера сай чурт дан дага
Пепнаш к1ел т1улг бохий къонаха дара тхо, безамна б1арлаг1а лелаш цигахь

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 3
Популярное сейчас
Видео
Нет видео
-