Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Нур-Жовхар - Буьйса | Текст песни

Оршот буьйса,1аьржа буьйса
Ахь сан дагца х1унда къуьйса?
Къордин хир дай яре хьоьжуш
Стиглахь седа-жайна доьшуш
Х1инци-х1инци кхочу бохуш
Къайлах даккхий синош дохуш
Припев :
Соьга цо хан ма йилити
Кера юккъе ч1уг йиллити
Хаза дийци, хье д1аийци
Ц1ахь 1ен йина ойла хийци ( 2 раза )
II.
Куьзга хьалха луьйцу аьлла
Эр ду ойла акхаяьлла
Сахь т1е дукха хьоьжуш гича
Тарло кхойкхуш ларъеш гича
Цунах кхоьруш яла йоллу
Кийрахь дог схьаэккха доллу
Припев :
Соьга цо хан ма йилити
Кера юккъе ч1уг йиллити
Хаза дийци, хье д1аийци
Ц1ахь 1ен йина ойла хийци ( 2 раза )
III.
Тховса койна г1у ма болла
Дог1а тохий чу ма йолла
Г1у баьккхина карор ма бу
Не1 йиллина карор ма ю
Х1ун дер суна т1емаш доьвлча
Бабийн и к1ант везна ваьлча.

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 5
Популярное сейчас
Видео
Нет видео
-