Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Назам - Дела Элчи Мухьаммад | Текст песни


Элчи маккеха ваьлчи
Макки чу барг хьажийна
Элчи ч1ог1у вилхир бах
Макка шена езарна

Лууш къастиш ваци ша ма
Хьан Латтеха ва Макка
Ша хьуна чу валавара
Делер дехур вай ша ма (х2)

Т1аккха Джибрил десир бах
Элчи Воьлхуш г1елвелчи
Цун б1аьргеха долу хи
Лаьтта кхаьчна далале

Хьоьга бакъо кхайкхана
Къуран доссир вай Дала
Х1о Маккечу толамца
Войтур ву хьо вай Дала

Хьо Маккеха ваьккхина
И къурейши ва элий
Хьоьга г1одар ва доьхуш
Гор легар бу Мухьаммад

И къурейши аьлалла
Ахь бохор бу Мухьаммад
Хьо г1айг1ане ма хила
Дала элчи Мухьаммад (x2)

Кху дуненаг1 аьхартег1
Ша паччахь ву Мухьаммад
Къемат дийнахь шафа1ат
Хьегар хирду Мухьаммад

Хьегар йоцу парг1ато
Хелар ма яц Мухьаммад
Хьо г1айг1ане ма хилла
Дела Элчи Мухьаммад (х2)

Иман ислам дуненчохь
Ххь даржор ду Мухьаммад
Хьона дюхьал толамци
Вала да вац Мухьаммад

Массо меттехь силалци
Хьо вазвир ву Мухьаммад
Хьо г1айг1ане ма хилла
Дела Элчи Мухьаммад (x2)

Дала шена ва дуьхьал
Хьо вигур ву Мухьаммад
Далла дуьхьла аьттина
Ахь дехарду Мухьаммад

Ахь дехнариг вай Дала
Хьуна лур ду Мухьаммад
Хьо г1айг1ане ма хилла
Дела Элчи Мухьаммад (х2)

Ла иллах1а иллалах1а Муьхьаммаду расулуллах1 Елсамане не1арш т1ехь
Яздин ма ду Мухьаммад

Хьо везнари хьусамаш
Царех изна вай Дала Хьо Г1айг1ане ма хилла
Дела Элчи Мухьаммад! (х2)

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2
Популярное сейчас
Видео
Нет видео
-