Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Лариса Гаджиева - Вай неха ду | Текст песни

Pesni.guru - сайт для Гуру

I. Хьо декъал ван йиш яций сан,
Хьан дог эца йиш яций сан.
Хьо неха ву, со неха ю,
Вайшин юккъехь мел херо ю.
Хьо неха ву, со неха ю,
Вайшин юккъехь мел херо ю.

II. Хьо сан б1аьра ма хьежахьа,
Лазам байбан ма г1ертахьа.
Со къинт1ера ера ма ю,
Дагна дукха хьо везарна.
Со къинт1ера ера ма ю,
Дагна дукха хьо везарна.

III. Со а йицъян хьо хьажахьа,
Со хилл меттиг ма лехахьа.
Суна дика хьайна лаахь,
Со д1а тасий ахь йитахьа.
Суна дика хьайна лаахь,
Со д1а тасий ахь йитахьа.

IV. Дуьне латто ницкъ болуш верг,
Ас до1ица доьха хьоьга.
Рицкъ а хадо ницкъ барий хьан,
Вицван ницкъ ахь суна лохьа.
Рицкъ а хадо ницкъ барий хьан,
Вицван ницкъ ахь суна лохьа.

V. Хьо сайн дагчохь ас лелор ву,
Г1ан-набаршца хьо хьоьстур ву.
Дуьнен йистехь ву бахарахь,
Хьан йовхоно д1айоьхур ю.
Дуьнен йистехь ву бахарахь,
Хьан йовхоно д1айоьхур ю.
Дуьнен йистехь ву бахарахь,
Хьан йовхоно д1айоьхур ю.


Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
Нет видео
-