Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Имани Чинтаева - Ч1ег1ардиг (exclusive M95) | Текст песни

Ас лечкъор ду хьоьха сай б1аьргаш
Цу чохь дериг хьоьга ца дишийта
Хир ду хьуна соьгахь собар нуьцкъал
Сайгара хьал хьоьга ца хаитал

Припев : Юссур ю ч1ег1ардиг хилла со шу ураме, шу уьйт1а
Буцур бу баьлша тхов геллахь вог1уш, воьдуш хьоьх б1атрг беттал
Ч1ег1ардига т1ехула хьийзаш хелхарехь ер ю со ловза
Ас белхор бу иштта безам лаарна со хьуна йовза
Ас белхор бу иштта безам лаарна со хьуна еза

Гур яц хьуна хиларх уллехь, гергахь
Ю, яц хуар дац со хьоьга хьежарх
Лам санна лаьтташ хир ю хьо ларвеш
Г1айг1а сецаеш са хьуна генна

Юссур ю ч1ег1ардиг хилла со шу ураме, шу уьйт1а
Буцур бу баьлша тхов геллахь вог1уш, воьдуш хьоьх б1атрг беттал
Ч1ег1ардига т1ехула хьийзаш хелхарехь ер ю со ловза
Ас белхор бу иштта безам лаарна со хьуна йовза
Ас белхор бу иштта безам лаарна со хьуна еза

Къар ца луш дог деттало са хьуна
Кхойкху хьоьга де буса а дийнахь
Ч1ег1ардигах тийсарх гонаш хьуна
Хьо ву лаьттахь парг1ат ваьлла лелаш

Юссур ю ч1ег1ардиг хилла со шу ураме, шу уьйт1а
Буцур бу баьлша тхов геллахь вог1уш, воьдуш хьоьх б1атрг беттал
Ч1ег1ардига т1ехула хьийзаш хелхарехь ер ю со ловза
Ас белхор бу иштта безам лаарна со хьуна йовза
Ас белхор бу иштта безам лаарна со хьуна еза

Другие названия этого текста
  • Тамара Дадашева - Ч1ег1ардик (M95) (0)
  • Макка Сагаипова - Ч1ег1ардиг (M95) (0)
  • Имани Чинтаева - Ч1ег1ардиг (exclusive M95) (0)
  • music_vzr m. - Ч1ег1ардиг (M95) (0)
  • Надежда Кадышева - Эхх свадьба (0)
  • Макка Сагаипова - Ч1ег1ардиг (ласточка) (0)
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Популярное сейчас
Видео
    Нет видео
    -