Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Ильяс Эбиев - Нана | Текст песни

Б1аьрхиш ма эгаде со вина сан нана,
Г1айг1ане ма хила ас доьху хьоьга,
Генарчу махкана хьалха ма лаьтта,
Цу новкъа вала пурба ло суна.

Де дине мел дели гаре сатуьйсуш,
Къастаро б1арз вина кху уьйт1а кхача,
Могашалла вай Деле хьуна а йоьхуш,
Лела со дуьненахь сан хьоме нана.

Ситтанчу куьйгаша мел хало лайна,
Хазалла, дикалла йоьхь т1ехь йисна,
Узам хьоьга ца байта лазаро эшош,
Реза ву хьан метта 1ожаллан вижа.

Генарчу некъаша идаварх тахна,
Кхочур ву, кхайкхалахь со вина нана,
Ма йелха, ма йелха турпала нана,
Ехийла хьо тхуна хьомсара нана.

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Популярное сейчас
Видео
    Нет видео
    -